Хьо йина де

Хьо йина хаза де кхачарца т1е
Лаар-кха даггара хьо декъал ян!
Хуьлийла даима хьан дахар ирсе,
Ма кхочийла цкъа а хьан дог доьхна де.

Бевзачийн вон ца гуш, дахаро хьоьстуш,
Боккхучу когаца беркаташ даьржаш,
Ехийла даима массарна езаш
Хазахетар даима гена ца долуш.

Ехийла г1иллакхех ца юхуш, оьзда!
Дуккха а дика дешнаш ду сан хьоьх ала,
Лаьа суна декъал еш, даггара дог хьаста,
Ма дойла вайн Дала вай вовшех къаста!

Оставить ответ

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

семь − три =